Стено талхийна нохчийн имидж?

рубрика: Диаспора/Культура

Европехь уггаре а вочу агIор дуьйцучу къаьмнашлахь цхьаъ хилла дIахIоьттина нохчийн къам. Иза стенца доьзна ду ца кхета шаьш нохчий. Дозанал арахь бехачу нохчашкара цунах доьзна хеттарш Маршо Радионе кест-кеста кхочу.

Мел бакъдолчунна тIехь кхолладелла ду и нохчийн негативе васт?

«Кхераме Абу» лор оьшуш волчух тера вара

КIирнашкахь дийцира Австрерчу хаамийн гIирсаша цхьана 17 шо кхаьчначу Абу цIе йолчу нохчочо Австрин интеграцин а, арахьарчу гIуллакхийн а министрна Курц Себастьянна Фейсбукехула кхерамаш тийсарх лаьцна.

Ша дуьйцучун ойлаян кхетам ца тоьучу цу к1Iанта яздора, ша министрна тIе мийраш беттар бу, иза шена каравагIахь, бохуш. Иштта, гарехь, ша яздечу Iовдалчу хIуманийн журналисташа сел чIогIа тергояр, ша цара вийцар дозалла хеташ волчу цо кхидIа а яздира, ша-м шен ишкол а оьккхуьйтур ю, бохуш.

ХIеттахьехь и кIант вевзачара олура, иза жимволуш аваре нисвелла, лоьрийн дарба оьшуш ву, цо дуьйцург маьIне а дац, олий. Ткъа Маршо Радио оцу йоллучу Австрина „бIоба“ яийтинчу „кхерамечу“ Абуца набахтехь цхьаьнакхетча, схьагушверг вара жимчу беран куц-кепехь, жимчу беран хьекъалехь висина кхиазхо.

Иза схьа ма гинна кхеташ ду, цунна лоьрийн дарба оьшийла. Амма ша вехачу махкахь цо цигарчу нохчийн вон имидж кIаргаярехь бина болх хазанеха санна буйла го, цо Фейсбуке мел язбен гIурт „нохчочо Абус хIара боху, нохчочо Абус важа боху“, бохуш булваран журналисташа мел баржийна гича.

Имидж вайн нехан сел ледара хилар тIамца доьзна ду.

Маршо Радионо Астрерчу мухIажиршна гIодаран цхьаьнакхетараллехь нохчийн а, овхIанхойн а кхиазхошца болх беш волчу психологе Гайсумов Руслане хаьттира, стенца дозу нохчийн кегирхойн цхьа дакъа шайн леламийн тIаьхьалонах ца кхеташ, галбовлар, аьлла. Цо бахьана шерашкахь тIом лайначу доьзалшкара и бераш хиларца дузу.

Гайсумов: „Массо а нохчо дика ву, я массо а нохчо вон ву аьлла ца хета суна. Делахь а и имидж вайн нехан сел ледара хилар, суна хетарехь, тIамца доьзна ду. ТIаьхьарчу 15-20 шера чохь тIом болуш, эскарша царна хьалха, царна гуш церан дай-наной, гергарнаш хьийзош, къизаллаш лелош, царна дан хIума а доцуш, хьалакхиина, кхуза схьабаьхкина и кегийрхой. И царна гинарг тидаме эцча, цаьрца боккха болх бара бан безаш, царна шайн эмоцешца дола дан Iамош“.

32 шо долу Мадаев Суламбек Австри схьавеана кхо шо ду. Цу юкъанна шера бийца немцойн мотт а Iамийна, университете деша вахана иза. Кхиамечу интеграцин масал ду ала мегар ду Суламбек. Цо a гатдо нохчашца лаьттачу хьолах са.

Вайн кегийрхошка ахь, хьо санна верг ван а вац, хьо чIогIа ву, аьлча, мичча а чуоьккхурверг хуьлу.

Мадаев: „Вай а, овхIанхой а вочу агIор дийцар цхьана бахьанца ду аьлла хета суна. Уьш а, вай а яккхий халонаш лайна къаьмнаш ду. 2-3 шарахь тIом гар ша ду, иттанаш шерашкахь тIом боцург хIума а ца гуш леллачу нехан шайн берашна бала башха дика кхетам а ца хуьлу, цу тIамах кIелхьара муха валавеза бохург бен.

Ишттачу берийн турпалхой а хуьлу карахь герз долу нах – лоьрийн я Iилманчийн метта. Кхин цхьа бахьана ду – вайн а, овхIанхойн а кегирхой кхуза схьакхаьчча, шайн къоман нах болчу а боьлхий, паркехь я кхечанхьа, цаьрца бен уьйраш а йоцуш, бухарчу къаьмнийн культура а, Iер-дахар а довза а ца гIуртуш дуьсу. Иза а доккха зен хета суна.

Иштта кхин цхьа бахьана а ду – вайн нохчийн къам санна дерг дан а дац, вайн къам Дала хаьржина къам ду бохуш, Фейсбукехь и цхьацца хIуманаш яздеш Iаш нах хуьлу кху Европе охьа а хевшина, вайн къам цундела ца деза „хIокхарна“, бохуш.

Ткъа вайн кегийрхошка ахь, хьо санна верг ван а вац, хьо чIогIа ву, аьлча, царна юккъехь ша-шех бIобулий, мичча а чуоьккхурверг хуьлу. Цундела вай массарел а тоьлуш ду бохург а ца дуьйцуш, кегийрхошка диканиг динарг дика ву, вониг дешверг вон ву боху кхетам бала безара вай“.

Бекхамбан лаар а дитина, шайн дахар дIанисдан деза

Психологна Гайсумов Русланна хетарехь, Европерчу нохчийн кегирхошна хуьлуш йолу ачонаш юьйцучохь дайша-наноша лайна депортаци а эца еза тидаме.

Гайсумов: „Цу берашна юкъахь шайна тIом ганза берш а бу, масала, хIинца 15-16 шераш дерш. Амма царна ца гинехь а, церан дай-наношна гина иза. Цул совнаха, церан дайша вайн къам дIадохор а лайна. Иза дерриге а цара шайна чохь къуьйлу, шаьш хIун дина, муха, хьанна бекхам бийр бара ца хууш. Царна хьеха деза, и цаьрца болу цабезам а, бекхамбан лаар а дита а дитина, шайн дахар дIанисдан дезаш хилар, деша а, кхиаме хила а уьш безаш хилар“.

Ала догIу, нохчийнчул а ледара имидж йолуш къаьмнаш а ду Европехь — доккхачу декъехь, адамийн кхетамех кхоллаелла клишеш. И клишеш къоман бакъдолчу хьола т1ера ца хуьлу, цхьац-цхьацца масалашна т1е а тевжаш, кхоллаелла хуьлу.

Масала, мафи аьлча, уггаре а хьалха ойла юссу оьрсеххий, албанхойххий. Иза дац массо оьрсий я массо албанхой мафин декъашхой бу бохург.

«Овх1анхо» аьлча, уггаре а хьалха б1аьргашна хьалха кхоллалуш долу сурт — зударшна т1ехь сийсаз ницкъ беш, зударий хьийзорверг.

Нохчо хьахийначехь криминалечу кегирхойн, террорхочун васт карладолу юкъараллин синкхетамехь.

https://www.radiomarsho.com/a/europe-chechen-imige-/28618359.html?nocache=1