Венехь йирзина нохчочунна Абу Хьамзина (Ибрагимов Мохьмадна) тIехь еш хилла кхел.

7 шо тоьхна цунна набахтехь даккха.

Австрин прокуратуро цунна бехкедуьллура террорхойн декъахь хилар, Гуьржийчохь меттигера пхи вахархо вер.

И зуламаш Абу Хьамзас 2012-чу шарахь, Гуьржийчуьрчу Лопота чIаже шеца 17 нохчо а вигина, уьш Дагестанехула Нохчийчу бига гIерташ дина бохура.

Ткъа Абу Хьамзас ша, мелхо а, Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан (ФСБ) агент а волуш, тIемалойн тобанна юкъавахийтина вара, цуьнга Iалашо кхочуш ца яйта, бохуш чIагIдора талламчашка а, кхелехь а.

Бехккъасторхоша иза цунна тIебаьхьначу шина бехках цхьаннах кIелхьараваьккхина – гуьржийн эскархой цо байина хилар тоъал тоьшаллаш дац, аьлла, юхадаьккхина. Амма иза бакъдинехь, оьмар кхачаяллалц нахабатехь кхаба кхачор вара Абу Хьамза.

Кхел йирзина еарийн сарахь.

 

https://www.radiomarsho.com/a/28614968.html?nocache=1