Шайца герз а долуш, Къилбаседа Кавказера бахархойх тоба лаьцна кхаарийдийнахь Украинерчу Херсонан кIоштан дозанхоша а, Къоман полицино а. Дозанхоша дийцарехь, талламан белхаш дIахьочу полисхошна Херсонерчу Чернобаевка олучу эвлахь 28 шарера 45 шаре кхаччалц хенаш йолу 8 стаг хаавелла. Царех дукхахберш нохчий бу, Украинехь патриотийн организацин цIарах жигаралла дIакхоьхьу. Цул совнах, Оьрсийчоьнна бахархой цхьа а бакъо йоцуш хилла Украинан дозанехь хила.

Лецнарш бехачу хIусамах хьежна низамхой. Шаьш йина оьккхуьйтург а, Калашниковн АК-74У» автомат а, снайперан а, кхечу пачхьалкхехь йина «ТИККА» топ а, «Глок» кхо тапча а, Макаровн кхусург а, патронаш, 6 граната, телевизорш, буса са гойту гIирсаш, тIеман барзакъ, 36 эзар доллар ахча а.

Карарчу хенахь талламаш дIахьош бу лецначийн хьокъехь.

https://www.radiomarsho.com