«Эхо Москвы» радиостанцига хаамбина журналисто Милашина Еленас, пIераскан суьйранна дуьйна Устрада-ГIалин полицино дIайигина Дудуркаева Луиза шен ненаца хIинца а полисхойн карахь ю аьлла.

Цо бахарехь, йоьIан кхолламах кхи хууш хIуммаъ дац. Иштта Милашинас аьлла, Оьрсийчоьнан низамашца оццул ехачу ханна полицин бакъо яц лаьцна валийнарг латто, амма кхолладелла хьал хийца цхьа а вац ницкъ болуш.

https://www.radiomarsho.com