Соьлжа-ГIалахь вайначу артистан Бакаев Зелимхин нанас дуьйцу шен вайначу кIантах бакъдерг, хаамийн гIирсашкахь дестош дуьйцург харц хилар а хоуьйтуш

ШолгIа бутт а бу Соьлжа-гIалахь вайначу нохчийн иллиалархочун Бакаев Зелимхан нанас цIаваре сатуьйсу шен тIепаза вайна кIант.

Оцу юкъанна хаамийн гIирсашкахь тайп-тайпана дуьйцура кхета хала долчу кIентан дIаварах.

Первомайскан урамехь цабевзачу наха тIебеттабелла, машенчу а тоьхна дIавуьгуш гинарш карабора.

КIанта хаьржинчу артистан некъана дуьхьал долчу деца-ненаца ира лаьтташ конфликт яра доьзалехь, эххар а дов самсадаьллачохь, дIавайна олий а яздора.

Махкарчу Iедало кIант варах дIахьедар терго йоцуш дитина, политикан гIуллакх дац аьлла, бохуш дора дIахьедарш.

И къамелаш даржар а дара а цхьана буха тIера. Нохчийчохь Iедална цатовриг аьлларг, и мел исс чкъурах хьулваларх, кара а веш, царна таIзар а деш, меттигерчу телевизионан эфирашкахь юьхь тIехь мел дерг охьа а доккхуш, мало ца ечу урхалхошна хIунда ца караво нахана юккъера дIавайна стаг?

Нохчийчуьрчу зорбан министро Умаров Джамбулата Бакаев вайна бохуш мохь эхар «сонта хIума ду» элира, цуьнах лаьцна цхьа информаци шегахь йолуш санна, «кесста схьагучувер ву» аьлла, къамел а хадош.

Хууш ма-хиллара, тахана а гучувалаза ву ненан кIант.

Ткъа нанна-м, Бакаева Маликина, гIоли яц оцу «бахарех» я «дийцарех».

Байначу беттан 8-чу дийнахь дуьйна таханалерачу дийне кхаччалц шен доьзалхочух цхьа а кост доцуш, хьере хилла, лелаш ю кIентан нана.

Вайначу кIентан кхоллам шен тергонехь латточу Маршо Радионо телефонехула хеттарш дира Зелимхан нене, Бакаева Малике.

Цуьнца хиллачу къамело къастийра бакъо а, харцо а.

«Юьхьанца массо а агIор дегабаамаш бара сан»

— Малика, байначу беттан 8-чу дийнахь дуьйна тIепаза вайначу хьан кIантах Зелимах цхьана а кепара кост кхаьчний хьоьга тахханалц?

— Дера ца кхаьчна, я къайлах а, къулах а, цхьанна а агIор. Кхаьчнехь-м со мел а сапаргIат хир ма яра.

— ТIаьххьара Маршо Радиоца хьайн хиллачу къамелехь ахь элира, Зелим Iедалан карахь хилча, хьуо саготта а хир яцара, хьайн шеконаш кIентан цхьана продюсерх ю, иза даим а цунна кIел ког туьйсуш хиларна аьлла.

— И ойла а кхоллаеллера сан. Iедалан карахь хилча-м сапаргIат хир яра со. Цхьммо тешнабехк бина, цхьанхьа Iуьллуш ца хилчхьана аьлла хеташ. Iедалан карахь хилча, тIаьхьабевлла, хьоьвсина, кхи хIуммаъ а дацахь а, могуш-маьрша хирх варий сан иза аьллла хеташ.

Масане ойла хилира сан. Иштта юьхьанца, цо бина — те цунна и тешнабехк, сил чIогIа цо а цIа вола бахарна, веана а ма варий иза. Ненан дог мичахь ду хууш ду-кх. Массо а агIор дегаабаамаш бара сан. ТIаккха а, Iедалан карахь иза хиларна гIоле хеташ Iийнера со. ХIинца-м бакъдерг аьлча, суна иза мичахь ву а ца хаьа, хIоккхахь, эццахь аьлла.

— Мел бух болуш ду, цуьнан карахь Москох юхаваха эцна билет дара бохург?

«Цо дина цхьа вониг хилча, мелхо а суна атта хир дара, ша лехнарг карийн-кх цунна аьлла, IадIа»

— Делан вазаллора дацара-кх! Со нана а ю, оцу ненал а сов шен кIантах дерг хаа йиш йолуш стаг а ца хета суна дуьненахь, суна вевзаш волу кIант и велахь. И чуьра йоI маре йоьдуш цу дийнахь цIа веана а вара иза. Байначу беттан 6 — чохь веанера иза, 8-чу дийнахь тхойшиъ цхьаьна арадаьллера, банкан карти тIера ахча схьаэца аьлла. Сайна и лело ца хуу дела, вигинера ас Зелим сайца.

Со ахча схьаэцначул а тIаьхьа «Беркат» олучу базара дIаяха езаш яра. Сбербанкна хьалхха тхойшъ дIасакъаьстина. Зелим, хьо соьца цига дIавогIий аьлча, Малика, хьо цига дIагIо, со тIаьхьо вогIур ву элира цо. Ас ма дарра боху, сан и лачкъон йиш яц оцу кIантах дерг, Далла гуш ду-кх дерг.

Суо цунах шекхилча, ас иза ара а воккхур ма вацара, я цо дина цхьа вон хIума хилча, со цунах шек а хир яра, мелхо а суна атта хир дара, ша лехнарг карийн-кх цунна аьлла, IадIа.

ХIокхо (Зелима) хIара дина-кх аьлла, цхьаммо сайга схьааьлча а, паргIат хир яра со… Иштта дIасакъаьстира тхойшиъ. И Сальмира (нохчийн йишлакхархо Зубаирова Зарема) йолчу а вахана, схьавогIу хьуна, хье а ца луш элира цо соьга.

Некъал дехьа болх беш ю иза. Юха базарара схьайогIучу ас телефон дIатуьйхи Сальмире, Зелим вуй хьо йолчахь, хоттуш. Вац, цо телефон тоьхна хиллера, суна ца хезнера, со лакха чохь яра эли цо. Эсмэс еанера соьга цуьнгара, эли цо, со тIекхоччуш ву аьлла, кхи схьа а ца кхечи, юха ас телефон дIаеттарх, цо кхи схьа а ца ийци соьгара элира цу йоIа а.

«Цхьанхьа иза ву аьлча а, суна доккха хIума-м хетар дара»

ТIаккха Зелиме телефон етта ас, буьйсанна 12 сахьт даллалц йитти а ас телефон, оха массара а хьийзи горгали. ДIайоьдура, жоп ца лора. 12 сахьт даьллачул тIаьхьа цуьнан телефон дIаяйина яра.

ТIаккха сан марвашас «дIаялахь а, Малика, са ма гатдехьа, эцца доттагIий болчахь хир ву», элира. Цкъа а хилла ма дацара ас телефон дIатоьхча, цо суна жоп ца делла. Цхьана сахьтанна соьга сагатдайтина кIант вац иза. Иштта дIасакъаьстина дар-кх тхо. Кхи цунах хилларг хIун ду суна ца хаьа. Цхьанхьа иза ву аьлча а, суна доккха хIума-м хетар дара. Къайлах сайга цо телефон тоьхна хилча-м, хIетте а ас хоуьйтур ма дара Iедале даьккхина а. Цара-м шаьш тIаьхьадевлла хьовсуш ду боху.

— Малика, кеп-кепарчу хьасташа яздора шайн материалашкахь, Зелиман доьзалехь конфликт яра иккхина, ма-дарра аьлча, деца ийгIина вара иза бохуш дуьйцу…

«Шайгга-шайгара дIа дийца-м дуьйцу наха, дийца дуккха а хила-м хили нехан цунах»

— Бакъ дац, бакъ дац! Цхьанна а агIор и бакъ дац. Цу дийнахь Зелим цIа веана, сайн цхьацца гIуллакх а дайтина, и йоI дIайигале, уьйтIахь цхьацца дезарш дан деза хьан, сан хьоьга дайта дукха гIуллакхаш ду хьуна, хье ма лолахь аьлла, дийхира ас Зелиме.

Малика, суна хаьа, со дIавогIу цо а аьлла, иштта дIасакхъаьстина ма дара тхойша. Айса араваьккхина вигина а ма варий сан иза, ша ваха лууш, шен лаамца араваьлла а вацара. Дечу гIуллакхна юкъах а ваьккхина, айса вигина вара иза.

Цхьана агIор, цкъа а оцу деца а, я соьца а цхьана а агIор конфликт хилла ма яц тхан, я доьзалехь а. И бакъ дац! Шайгга-шайгара дIа дийца-м дуьйцу наха, дийца дуккха а хила-м хили нехан цунах.

— Зелим вайначул тIаьхьа полицига орца маца даьккхира ахь?

— Марзоша а цхьаьна, жимстаг ма ву иза, дIасаваьлла хир ву, ахь стенна гатдо са, схьавогIур ма ву иза сайга баьхча, со дIаIийнера. ТIаккха цо ша 10- чохь Москох хила везаш ву аьллера, «Фабрика звезд» проектехь дакъалаца кехаташ чу деллера цо.

ШолгIачу Iуьйранна сан цIийнда, Зелиман да Москох вахара. Хаа а ца хоуьйтуш дIавахна-кх иза аьлла хетта. Ас боху, хIан-хIа, вахана хир вац иза, ца олуш, я ваха ваьхьар а вацара соьга ца олуш муххале а. Хьанна хаьа, шайтIано корта хьовзийна а, 10-чохь ша цигахь хила веза бохуш а хилча, дIаваханий-те иза аьлла, ладогIа вахара кIентан да шолгIачу дийннехь Москох.

Москох кхаьчна ца хиллера Зелим. Юха цул тIаьхьа со балхара чуеача, сан я Ватс Апп яц, я Интернетца а сан бала а бац, сан дац-кх социалан машанашкахь хан яйар. Сан маьрйишин йоIа а, сан вешин йоIа а буьйсанна 12 сахьт долучу хенахь ду-кх и, ссылка гайти-кх интернетехь, Зелим вайна аьлла яздина.

Со оцу сохьта полисхойн декъе яхара, тхуна уллохь ю иза, Ленинск кIоштан полици. Цу чуьрчу кIанта тховса буьйса ю, кхана Iуьйранна юхайолахь аьлла, цул тIаьхьа юха а яхана, дIахаийтир-кх ас кIант вайнийла.

— Хьан дIахьедар полицехь чуийцирий?

«ХIинца шаьш тIаьхьадевлла, хьовсуш ду-м боху Iедало а»

— Ийцира. И буьйса дIа а яьлла, шолгIачу дийнахь сан де дацара лела а, чу-ара яла а, цундела кхолгIачу дийнахь яхара со юха а полици, тIаккха тергоне ийцира сан кехат.

Со дукха йоьхна яра, цецъяьлла а яра со. Нахана — м дуккха а хIуманаш тIехIуьттура, делахь а, сайн кIантах сайна хIуммаъ а гучудаьлла цахиларна, цхьанхьа а юкъахь а иза хилла воцу дела, цецъяьллера со. ХIинца шаьш тIаьхьадевлла, хьовсуш ду-м боху Iедало а.

— Шаьш лехамашкахь а ду, хIара дина, важа дина, иза левина аьлла а, Iедало хоуьйтий хьуна шаьш бечу талламах?

— ХIаъ, хоуьйту. Селхана юха а соьгара телефонан лоьмар йоьхуш бара оцу Сальмирин, шаьш тIе а кхойкхур ю иза, цхьацца хеттарш а дийр ду, бохуш. Цхьа а бехкеван суна хаа-м ца хаьа, хIунда аьлча, цхьана а дена цо тешнабехк бина боцу дела, иза цавезарш дера хилла хир бу. Делахь а, сан кIантах лаьцна дуьйцурш а, яздийраш а, уьш бакъ-м дац.

Суна сайн кIант наханачул а дика вевза. Тхо цхьана чохь, цхьана кертахь Iийна ду, иза цIера ваьлла яьккхина хан йоцург. Заочно деша а доьшуш, дIа-схьа лелаш вара Зелим.

Адамах тIех тешаш а вара иза. Сил чIогIа адамах тешарна дакъаза вер ву хьо, Зелим, ма теша нахах, адамах оццул тешаш ма ца хуьлу, олура ас цуьнга.

— Малика, социалан машанашкахь яздо, хьан лерах а кхетта хила тарло, Зелим шуьшиъ дIасакъаьстинчу Первомайскан урамехь цабевзачу наха машенчу тоьхна, дIавуьгуш гина бохуш…

— Интернетчохь дийцар доцург, суна цунах хууш хIума дац, цхьана а агIор. Интернетчохь хIуъа а дица а дуьйцу, тхоьгара къамелаш дац уьш. Iедалехь болучаьрга ас ала а аьлла, тхан цIийнера дац и хабарш, я тхуна хууш хIума а а дац аьлла. И дуьйцурш совцо тхан йиш ма йоций.

«Сан аз цуьнга дIакхаьчча, цо сайна орца кхачор ду аьлла догйовха-м ю со»

— Малика, ахь боху Iедало лохуш а ву, болийна талламаш а бу. ХIетте а, кху деношкахь Ватс Аппехула кхайкхамбо ахь мехкан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане, гIо доьхуш. Полисхоша лоьхуш а хилча, хIунда юьйлу хьо Кадыровга?

— КIентий байначу наноша а и тайпа кхайкхамаш бо дела орца дийхира ас а. Цкъа, аьлча хIун дара-те, ца аьлча хIун дара-те, бохуш, Iийра со. Вуьшта, цхьаммо а хьехна дина-м дацара ас и.

Эхь хеташ, ийзалуш а Iийра со цхьана юкъахь, сан боцург а бала боцуш хир вац-кх иза аьлла хеташ. Наха-м ма кхайкхадо шайниг, хьо я сагIа доьхуш а яцара сайга йишас, вашас аьлча, иштта бIобуьйлир-кх сан. Кхи цхьана агIор Зелим гучуволуш а ца хилча, я кхочуш цуьнгара кост а ца хилча. Кадыров нахана гIо кхачош а ву, ур-атталла кхечу пачхьалкхе а кхочу цуьнан куьг.

— Хьан аз цуьнга дIакхаьчний?

— Сан аз цуьнга дIакхаьчча, цо сайна орца кхачор ду, аьлла, догйовха-м ю со. ДIахазахь, орца ца доккхуш, сан кIантах хилларг хIун ду ца хууш иза Iийр воций а хаьа суна.

— Тахана хьайн кIант Зелим маьрша-паргIат хилча, хьайца зIене ца волуш иза Iийр вацара аьлла хета хьуна?

— Хета! Дера хета-кх!

 

https://www.radiomarsho.com