Ши шо сов хан ю Теркйистан кIоштан Лаха Неврерчу школан директорна Мамакаева Аминина дуьхьал бехктакхаман гIуллакх даьккхина. Ша цхьаъ ю иза кхелан системина дуьхьалъяьлла, шен бакъо толо гIерта.

Ши шо сов ду Теркйистан кIоштан Лаха Неврерчу I-чу школан директорна Мамакаева Аминина дуьхьал бехктакхаман гIуллакх даьккхина. Иза талламо бехке еш ю балха тIехь хьарамлонаш лелийна аьлла.

Тамашийна дерг ду, и зуда оцу дарже араяьлла 2 де далале болийна цунна дуьхьала и талламаш. Тахана оцу балхах ханна, кхел дIаяьллалц мукъайитина ю Мамакаева Амина.

Цо Инстаграм чохь шен коьрта агIон тIехь кхайкхам бинера цуьнах лаьцна. Иштта девзина Маршо Радиона цуьнан гIуллакх.

Оцу зудчунна хетарехь шадерриг доладеллера хIетахь кIоштан дешаран декъан хиллачу куьйгалхочуьнца иккхинчу цакхетамана тIера.

Шега дуьххьал дIа аьлла дара балхара дIаяла, бохуш дийцира Мамакаевас.

Мамакаева:«Со Гезгамашин-беттан хьалхарчу дийнахь директоран дарже хIутту, 3-чу дийнахь школехь талламаш буьйлало. Низамца богIуш а бац уьш. Прокуратура а, УБЭП а, Талламан комитет а йогIу. Массанхьара йолало. Ас цигахь хIума лачкъийна хилча а, со хIун лачкъо кхуьура яра? ХIета дуьйна со мукъа хилла яц. Соьга аьллера «балхара дIаяла», ас ер яц аьллера».

И дов доьдучу хенахь шен куьйга кIел болх бечу хьехархочун гIалаташ гучу а девла, иза дIаяьккха гIоьртича, цо а шен гергарчу нахехула Iаткъам а бой, даздо шен гIуллакх боху Мамакаева Аминас.

Ша чекхадалийта йиш яцара дожарш а, легарш а нийса ца Iамош бераш талхадайта, элира цо.

Мамакаева: «15 шарахь ахь хьехархочун болх бина хилча, муха бохур ду берашка ялх долу дожар 8 ду бохуш. Ас муха могуьйтур дара? Шен цIийндегахула Iаткъам беш, кхерамаш туьйсура суна цо а».

Мамакаева Амина махкахь зорбане яьлла яцахь а, похIма долу байтанча ю. Оьрсийн маттахь язйо цо уьш. Оцу балха тIехь ког туьссушехь, 2016-чу шарахь Мамакаева Аминас куьйгалла ден школа республикехь пачхьалкхан ЕГЭ экзменаш дика дIаеллачарех хилира.

Мамакаева:«Со прокуратурехь буьйсанаш а йохуш Iашшехь, 2016-чу шарахь ЕГЭ-н уггаре а дикачарех хилира. Ас айса кечйинчу дешархочо махкаь цхьаъ бен а йоцуш оьрсийн литературехула Олимпиада яьккхира».

Мамакаева Аминас шен тахана дисина хIума дац боху, ма хуьллу харцонна дуьхьал тасаялар бен. Ша кийча ю боху цо республикан куьйгалле ша бина кхайкхам дIа а кхаьчна, цигахь бакъо къастор ю аьлла. Ша нийса яц аьлла къастадахь, ша къера хир ю, элира цо.

Мамакаева: «Ас хьанна новкъарло йина суна ца хаьа. Оцу нехан лакхарчу хьаькамашца уьйр-марзонаш ю. Цара соьга аьллера, шаьш со юьхьIаьржа а хIоттош, дIайоккхур ю. Чуяха чоь яц сан. Соьга телефон а тоьхна цхьана жимчу стага элира, республикан куьйгалхочунна и гIуллакх хаахь, цо юьхьIаьржа а хIоттош дIайоккхур ю хьо. Ас со кийча ю аьлла-кх. Сан хаарех пайда эца ма беза, со охьа а ца теIош».

Шиъ кхелахо хийцавелла Мамакаева Аминин процессехь. Цхьаъ адвоката юхатоьхна, важа ша дIаваьлла, луьсту дов харцонна тIехь хиларх кхеттачул тIаьхьа.

Кхелан рогIера кхеташо хир ю карабогIучу беттан 3-чу дийнахь. Нагахь санна кхело бехке ларахь я арахь даккха 3 шарна тIера хан йогIу цунна низамашца, я набахтехь яккха 6 шо гергга хан кхачайо кхаа беран нанна Мамакаева Аминина.

 

https://www.radiomarsho.com