Ичкерин векалш Вильнюсехь конференцехь. Фото Радио Маршо

Литван сеймехь дIайоьдуш ю Нохчийчохь 23 шо хьалха тIом болабаларна лерина конференци.

«Нохчийн Республика Ичкери дуьненаюкъарчу бакъонан контекстехь» аьлла, цIе йолу конференци еаридийнахь дуьйна дIайоьдуш ю Литван Сейман «Европин информацин центрехь».

Иза дIаяхьаран инициатива Литварчу парламентан депутатан Павилионис Жигимантаси яра. Цо куьйгалла дечу Нохчийчоьнца солидараллин тобанца цхьаьна нохчийн делегацин декъашхоша конференцехь дакъалацарал а сов, цхьа могIа мехала цхьаьнакхетарш дIадаьхьира Вильнюсерчу университехь а меттигерчу политикашца а, юкъараллин жигархошца а бохуш дуьйцу Австрерчу делегацин декъашхочо Никархо ИбрахIима: «Кхузарчу Iедалша официале кхайкхина ву Закаев Ахьмад, цул совнаха Сеймехь дIайоьдуш Нохчийчоьнна лерина конференци а ю.

ЧIогIа дика тIе а эцна тхо кхузахь, вуно чIогIа сийдеш. Нохчийн гIуллакх чIогIа дуьйцуш а ду кхузахь. Кхузарчу депутатийн тобано кечдина кехаташ ду Европехь Кхерамазаллин а, Цхьаьнаболхбаран а Юкъараллин тидаме дахка, нохчийн къоман тIехь 1944-чу шарахь йинчу геноцидах лаьцна.

Конференцел сов, дуккхаъ цхьаьнакхетарш а хилира тхан. Цул совнаха, Дудаев ЖохIарна Вильнюсехь доьгIна чурт долчу зиярте а хIиттира тхо. ХIара къам вуно чIогIа маршо езаш а, шен маршонна тIехь къахьегна а къам дуйла а гира тхуна».

Шех шина денна яхъеллачу конференцех аьлча, цигахь вистхуьлуш Нохчийн Республика Ичкерин урхаллин куьйгалхочо Закаев Ахьмада шен къамелехь дийцира, Оьрсийчоьнан эскарша Нохчийчохь 250 эзар стаг вийна ца Iаш, массо а културан а, историн а кхерчаш шайн массо а хазнашца а, архивашца а хIаллакйина хиларх лаьцна.

Цо иштта билгалдаьккхира, Литва а, Нохчийчоь а шайн керлачу исторехь а башха уьйраш а, цхьаьнадазарш а долуш хилар.

Цу цхьаьнадазарийн тоьшалла дара нохчийн делегаци Вильнюсехь даханчу бIешеран ткъаессалгIачу шерашкахь ша официалечу визитаца цу махка вахана волуш Нохчийчоьнан президент Дудаев ЖовхIар леллачу некъашца экскурси яр а.

 

https://www.radiomarsho.com