Европерчу пачхьалкхаша, шерашкахь «ойла еш» а Iай, тховкIело ца луш, даймехкашка хьийсабо мухIажирш. Цхьаберш булу шайна йинчу депортах, дIатарло цIерачу Iедал кIел баха, амма бац и некъ кхечарна. Оьрсийчу юха а хьовсийна, шайн даймахка, Нохчийчу, дIа а кхачале байнарш а, дIакхаьчначул тIахьа хIаллакбинарш а бу Европера депорт йиначаралахь. Австрига, цо цIахьажо кечвеш, лаьцна кхобу ши нохчо махкахь витар деха кечлуш бу меттигера мухIажирш.

radiomarsho.com