Цо билгалдаккхарехь, Таипов Австрехь веха масийтта шо ду. МухIажиран тховкIело яларе ладоьгIуш, немцойн мотт а Iамийна, универститете деша ваха кечлуш хилла иза.
Дудаевас дийцарехь, Нохчийчоьнан хиллачу президентан дийна бисина берриг а аьлча санна гергарнаш махках бевлла, республикехь шолгIа тIом баьллачул тIаьхьа.
Оьрсийчохь Таипов, дIа а лаьцна, чуволла кхерам бу, боху Дудаева Аллас.
https://www.radiomarsho.com
Австрин миграцин сервис шайн махкара араваккха дагахь ю Дудаев ЖовхIаран йишин кIентан кIант 22 шо долу Таипов Малик. Цунах лаьцна хаам бина ше фейсбукерчу агIонехь Нохчийчоьнан хьалхарчу президентах йисинчу Дудаева Аллас.