Ша ФСБ-н айкханча ву бохучу Абу Хьамзин (Ибрагимов Мохьмадан) кхел ю йоьрзуш Венехь.

Гуьржийчуьрчу Лопота чIожехь 2012 шарахь 17 нохчийн тIемалочунна хьалха а ваьлла, террорхойн тобанехь дакьалацарна а, низамца доцуш герз эцарна а, лелорна а, ткьа коьртаниг, масех гуьржийн эскархо верна а бехкево иза Австрерчу кхело.

Тахана тоьшаллаш дан бахка безаш бара кхеле Абу Хьамзин тобано Лопота чIожехь закьалте лаьцна хилла гуьржий. Амма Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллаца барт ца цахиларца доьзна уьш Вене ца баьхкина. Цундела кхечу тешашка а, прокуроре а дош а луш дIахьош бу кхело шен болх.

Делкьал тIаьхьа хан кхайкхо там бу Абу-Хьамзина.

https://www.radiomarsho.com/a/28613840.html