Залцбургехь дахначу кIиранашкахь кафешкахь а, хьешийн цIеношкахь а, некъахошна а къоланаш дарца коьртах яьллера ворхI стагах лаьтташ йолу тоба. Полицин хаамца, газца юзуш йолчу тапчанца кхерамаш а туьйсуш, динера цара, мел кIезга а, ялх талор. Зуламхойх ши кхиазхо ши кIира хьалха лаьцнера, рогIера зулам дина уьш бевлла масех минот а ялале. Цара тIаккха шайца хилларш а дIабийцинера Iедале.

ХIетахь дуьйна полисхоша лохуш вара 16 шо долу нохчи а, 18 шо долу турко а. Маршо Радиога Залцбургерчу полицин векалша бинчу хаамца, нохчийн къомах кхиазхо шен адвокатаца цхьаьна полицина тIе а вахана, ша лелийначунна мукIарло дина. Иза Пух-Урштайн цIе йолчу набахте дIавигина Iедалхоша.

 

https://www.radiomarsho.com/a/28654841.html