Бисмиллах1. Ассаламу 1алейкум, Марша дог1ийла хьомсари Нохчи; Дай-Наной, йижарий, вежарий. Х1ара дош Вайга кховдина ду-Сий, Маршуо, шай кхолларца бух болчу Нохчашка. Дай-Махкан Дай болуш, Наной-Махкан Наной болуш Нохчашка. Таханлера хоьттийна долу Нохчийчуьра хьолехь лаьцна.

Нохчий къам Дала кхолларехь маьрша дахаран кхоьллийна къам ду, ша а долу адам санна. Нуохийн пайхмаран(алейх1и ва салам) сийлахь ц1арца йоьза йу Нохчийн къоман ц1е-Нохчий-аьлла. Нуоха пайхамарас(алейх1и ва салам) шиен къоман йуккъе даьхна долу дахаран г1иллакхаш, Дала Цунна бовзитийна барам бу, тахана Нуохийн(а.с.) къоман Нохчийн йуьккъехь-цуьнан син-пхаца доьлла долу, ц1ийца хьаьрчина лелаш долу, дехаш долу г1иллакхаш. И г1иллакхан барам Нохчийн къоман Сий ду, цуьннан бух бу. Нохчийн къоман бух Делера бу. Къуран т1аьхь Делан дош ду 7-г1а сура-«Оха кхоьллинчарахь, цха халкъ ду нийсо лелош а, цуьнца дехаш а». Кху Дала кхоьллийна долу дуьненахь Нохчийн г1иллакхе кхочуш кхин барам бац-адаман йуккъехь лела хьокъехь-адаман азаллехь а, кхолламехь а хиларца.

Билгал йоккхур Вай Нохчийн дахаран г1иллакхашна аг1уо-Къинхетам-Адамалла, Ийман, Нийсо, Бакъуо, Дикалла, Хьекъал, Сий, Аьхь-бехк, Йахь, Ларам, Собар, Г1о-орц, Тиешам, Вашалла, Ков-керт Хаша-Дан гуттара а диллийна хилар, буьйса-де доцуш, Майралла, Доьналла, Хьуьнар, 1уьналла, Маршонна Дай хилар хан-зама йуьстийна йоцуш Дална доьхьал хитталца, Къонахалла, Даймехкан Дай хилар шаверигг а Нохчий. Шай ваддехь(в менталитете) Нохчийн къоман цха а тайпа г1елуо цахилар, доьнал доцург, Къоман хьашташ коьртехь хилар, Къонахойн дакъа массарна а кхачар, Даймехкан маршонна са цакхоадар, Массо а вошие г1он-орцехь латтар де-буьйса доцуш. А уггара коьртниг ду-Къинхетам шай ц1ийца Нохчийн хилар-ткъа цу шадолу беркат-г1иллакхийна ц1е-Нохчалла йу. Хила йиш йац оца дахаран барамца Нохчийн къоман йуккъехь к1иллой диеба.

Схьалоцур Вай таханлера, мостаг1чуьна хьадаллийн-Нохчийн маттан харданган тоба, Нохчийчохь оьрсийн хьашташ кхочуш деш йолу. Ц1е тухура Вай церан йилбазан барамна-к1иллой, йамарт хилар, аьхь-бехк цахилар, харцуо лелайар, 1азап даржадар, Дай-Наной ца ларар, Дай-Нанойн, йижарий-вежарийн туохарца т1екховдар, Доцу сий мостаг1ашна когаш к1ела тасар Даймохк д1алаьцна болу, царна лолалле бахар, виер-ваккхар Делан аг1уо шайга йерзор, Дай-Наной, йижарий-вежарий дайана болу мостаг1ийн хадалаш-хардангаш хилар, Нохчийн д1абаг1ана болу хенашкар Дай Сий ца ларар(шайгахь и доцу дела), мостаг1ийн к1иллола къоман сийна т1ейаккха хьажар, лай амалаш кхачамехь хилар.

Нохчийн Сийлалла халкъан йуккъехь, цу тайпа харданган барам лиела йиш йац, шиен дахаран барам Делера беркатца хиларна. И зулам Даймахкахь лиелош берш-лай т1ехьенаш йу-Вайна т1ебаьхкина болу нехан, ширчу заманашкахь, г1о-орца доьхуш, лолаллера(из рабства) уьдуш, Нохчийн маьрша къоман йуккъехь баха лууш, дукха адам т1елацьна Вай Дайша, къинхетам шай син-пхаца хиларца. «Нохчийн къоман йуккъехь лиелаш а, йехаш а, Маршо йу, нийсо йу, къинхетам бу, майралла йу, доьналла ду, шай Даймахкан дола дан Дай бу», — бохуш т1ебаьхкина а, Вай т1елаьцна а, Вайна йуккъехь даьбна а бу. Тахана Вайна уьш бале бойла-шай бух боцу, аьхь-бехк доцу боьха сийца а, лай амалашца а. Нохчийн гиллакхашна а т1еатоьвжина, Нохчаллах а хьаьрчийна д1аваг1нарг, Нохчий а хилла вайца нисвелла, ткъа кхи берш, шай лай амалшца, лай сийца даьбна Вайна йуккъехь, Нохчийн Сийца цахьаьрчаш. И са долу сагалматаш(насекомые) йу-Нохчийн къоман йуккъехь зулам даржош ерш-оьрсаш шадолу низамехь а хадийна д1ахецна Вайна йуккъе 1азапан, барт цахаттийтар шай карахь а дитина(иза г1ийла ойла йу, Нохчий шай син-бекхамца цабовзар).

Нохчийн халкъан дукъ Къонахойн белшаш т1аьхь лаьтташ ду, лаьттана ду, лаьттар долуш ду, шай Нохчийн г1иллакхашцане. Цигара и доссуо цха а ницкъ бац и Дела Ша цхаъ воцург. И Цхаъ бен вац Нохчийн паччахь кху дуьненахь, Цуьнгара бу Нохчийн къоман ницкъ а, Цуьнгахь йу Нохчийн дахаран алош а. Вуьшта Нохчий шаверигг а паччахь ву, инарла ву, турпалхуо ву.

Цундела Вай х1у дан диеза аьлча-1. Хьалхарниг-массо а йуьртахь Нохчийчохь, Нохчийн къонахийн тоба йан йеза, цха тайпа цу уьт1нашкара зулам чакхцадалийта и Вай ницкъехь ду, лайш йуг1атуоха дукха х1ума цаоьшу, Сема1ашкахь йина г1иело цу хардангаш миска нахана, Нохчийн къоман тобанара и 1уьтнаш цахилара билгаллуо йу. 2. Шозлаг1ниг-цу массо а тобана, х1аара йуьртахь корт харжа биеза 4-5 стаг, шайолу Нохчийчуьра тобанашца къамелехь гуттара а хилийта-з1енехь(телефон). 3. Кхозлаг1а -тактика а, страттеги а, каьчйан йеза тобана векалша вовшах а кхаьтта. 4. Доьалг1ниг -тобан йуккъе цха а тайпа тиекхарг-харданг-ямартхуо йаийта мегар дац, массо а вовшие воьвзаш хила везаш ву. 5. Пхоьалг1ниг- т1аьхьа т1едог1уш дерш, гуламехь туодан диезаш х1уманаш ду. Х1умма а цахилла санна, къурд а бина 1ан йиш йац-Нуохийн(а.с.)-Кавкасан-Дурдзукан…-Ушурма Мансуран-Тайми Биболтан-Ташу Хьажан-Бено Бойсхаран-Гендарган 1исан-Оччар-Хьажан-Шо1ипан-Т1елхаган-Алдаман Алибекан-Харчора Злимханан-Исраилн Хьасанан-Автархан Абдурахманан-Дудин Джохаран-Масхьадан Асланан, кхи д1а а болу эзаршкахь Къонахийн-турпалхойн т1аьхье.

Т1аьххьара дерзош къамел-Нохчийн Сий дуожа йиш йац, дуьне дуохахь а. Вай Дайша а, шай Къонахийн белшаш т1иера Сийна дукъ цадуожийна уггара буьрса, къиза хенашкахь, цуьнан дозалла хууш. Уллера хенара шин Маршонан т1амехь-г1азотехь д1абаг1анчара а гайтина, Нохчийн Сийна ч1агуо. Марша 1ойла шу, хьомсари Нохчи; Дай-Наной, йижарий, вежарий.

Joxin Xasan

https://www.facebook.com/permalink.php?story_fbid=904913183359588&id=100015227442797