Фашист
…Ца хууш кIайчу кехата тIе Iанийна шекъа санна йаьржаш йара стиглахь маьркIаже. Пешачохь самукъне лелхара дечиг. СаьIидана хаьара кху жима цIа чохь Iаш шен ден йоккха къайле йуйла. Дечиган паднарана бухахь Заурбека дIайиллина яра шен дахарера цхьа йоккха мехала, амма цкъа а цхьанга а цунах лаьцна дийцина дацара цо.
Ша дуьххьара Германе дIавахале СаьIида гIо дира дена цу паднаран шалха бух боккхуш, цхьа йоккха ларча дIайилла.
Массо а хIуманан шен хан йу — цул нийса аьлла хIума дац кху дуьненчохь. СаьIид кхетара тховса гучуйала доьгIна хиллий Заурбекан дахаран къайленна. Амма СаьIидана ца хаьара цу къайлено шена муха боккха тIеIаткъам бийр бу.
Довха чай а доьттина, паднар тIе хьала а ваьлла паргIат ларча схьайаста волавелира СаьIид.
Уггаре а тIехула, лерина тишачу газетана йукъа а хьарчийна, Iуьллура кочахь лелош долу жима ши жайна. Меллаша уьш йуьстах а даьхна, СаьIид кхин дIа хьажа волавелира. КIайчу кIадина йукъахьарчийна дара тишделла, КъорIан, ткъа цунна уллохь Iуьллура жима шаьлта, цуьнан буьткъа мукъ къегина лепара чIураман серлонехь. Иштта ларчанна йукъахь хиллера тапча а, федералаша зачисткаш йечу хенахь дIайахьанчу тоьпан патармаш а.
СаьIид цецваьлла ца волура. Дуьненан жоьжахате хIоттийна, хIара берриге а мохк цIийла карчийначу хенахь а, нохчийн къаноша лардеш хилла-кх шайн герз а, шайн доьналла а. Ткъа ишта къам къарлур дуй цхьаьна а эскаре? Болатах дина хилла теша нохчийн къоман са? Шаьлтанца цхьаьна Iуьллура Заурбекан кхоалгIачу ден ТIасин хилла дато доьхка а. СаьIида и массо а хIума схьа а йаьржийна охьайиллира шена улло, царна тIера чан дIайоккхуш уьш цIанйан. Йуха цуьнан бIаьрг кхийтира ларчанна чохь долчу кехатех. Цо схьадаьстира уггаре а тIехула Iуьллуш долу замано маждина кехат.
СаьIид кора йисте охьахиира, чIурам шена улло а оьзна. ХIара йоза Заурбекан куьйга йаздина хиларх кхийтира СаьIид. Цуьнан тидам тIеберзийра, йоза долалуш, цуьнан коьртехь даккхийчу элпашца «ФАШИСТ» аьлла йздинчу дашо.
«…Иза дара Казахстанехь. Мангало кес санна мацалло эгош дара вайн къам. Дуста а, оза а, барам а терза а карор доцуш бара и вайнехан къомана тIехIоьтттина бала. Амма хIете а сий охьа ца дилла гIерташ, йахь дIа ца йала гIерташ, дахарах тийссалора нохчий. Вовшашна гIо дора хIетахь нохчаша. Шен диканах вер ву аьлла ца хетара цхьаьнна а. Жима буьртиг бен и бацахь карадеъна рицкъа доькъуш дара.
Тхуна луларчу кIоштахь кIа чудерзош белхаш бара дIахьош. Студебеккерш тIехь дIасакхоьхьуш дара кIа. Иза чIогIа лардеш а дара. Цуьнан цхьа кана лачкъайахь а тоьпаш тухуш йара.
И машенаш дIасалелачу некъашка доьлхура тхо мохо дIасакхоьссина а буьртигаш карор дацара те бохуш. Цигара а милицис лоьхкура тхо. Иштачу цхьаьна дийнахь тхо дехачу йуьртахь сецира йеса Студебеккер машен. Иза лелош вара Поволжера Казахстане дIавохийна волу немцо Вайц Алекс. Радиаторчу хи дуттуш ву аьлла моттаргIа а йина нохчийн зудчуьнга сиха элира цо цхьаьнна а ца хезаш:
— Кхана хIокху хенахь, билггал цигахь, некъо гола тухучохь кIа чохь долу машен тIекIал йер йу шуна. Амма цкъа хьалха кIа лаьттах дилла деза шуна, милицина ца карадайта. Цундела ларлуш хилалаш… чIогIа кхераме ду шуна.
Цу купехь Iаш мел волчу нохчочуьнга дIакхаьчнера и хаам. ТIекхечира сатийсина мIаьрго — кIех йоьттина и йоккха машен тIекIалъйелира. Зударий, божарий, бераш, баккхий нах — массо а тIехьадира кIа схьагулда — цхьаболчара гали дузадора, кхин болчара эткашчу духкура кIа. Ткъа немцо «фашиста-м» некъа йисте охьа а хиина Iаш вара, хазахетарца вела а къежаш:
— Же, сихо йелаш, милици тIекхачале шортта схьагулда хьовсалаш, дIалачкъаделаш и, биц ма лолаш, — бохуш нахе мохь а бетташ.
Нах кхиабира аренца дIасадаьржина кIа схьагулда НКВД тIекхачале. НКВД схьайеара. Цара къизаллица дIасалоьхкура зударий а, бераш а, ткъа йуха тIаьхьадиссина долу кIа, бензин а, солярка а тоьхна, цIе тесна дагийра, тхоьга кхин иза схьа ца эцийта. Дукха нах мацаллах кIелхьара бевллера хIетахь Алекса охьахарцийна и машен бахьана долуш
НКВДШникаш дера жIаьлеш санна тIебеттабелира немцочунна. Цара къиза йиттира цунна, кирзови эткашца мираш детташ, керчавора цара и лаьттахула. Со кхетара Алексе хьоьжуш советски къиза набахте хилар. Со цуьнан бIаьра хьаьжира. Дохковаларан хьаса а бацара цу бIаьргашкахь, мелхо а хазахетаран цIе йогура… шен тхуна гIо дан аьтто баларна. Суна цкъа а дицлур дац и де… некъа тIехь Iуьллу кIа, немцочун соьга схьахьажна ши бIаьрг, «неIалт хилла фашист» бохуш саьлтиша диттина маьхьарий. Иза гуттаренна а дижина сан иэсе. Сан дагна хала дара лан динаца а, къомаца а тхуна хийра волчу стаго тхо бахьанехь шен дахар кагдеш хилар…
Алексан цIа а кхечира Iедал. Маьнги бухахь жима кеда чохь кIа карийра, шен берашна дIадиллиначух тера дара цо иза.
Цара къизаллица йиттира цуьнан зудчунна Вайц Эльзина. Цо хьоькхучу шийлачу маьхаьро Iадийнера берриге а урам. ЦIех йуьзна Эльза аратакхийра НКВДшникаша. Иза а лаьцна дIайигира, ткъа церан жима ши бер — йоI а, кIант а берийн цIийне дIадигира. Суна цкъа а дицлур дац Эльза шен берашна тIаьхьа хьежар. Оцу мIаьргонехь адаман сибатах йоьхнера иза… иза чов хилла экха санна даръелла дIасахьоьжура.
Тхо Iаш долчу лаппагIан корара схьаоьхура нанас беттинчу хьокхаман и мерза хьожа. Алекса Iанийначу кIех даьккхинчу дамах бина бара и хьокхам. Цуьнан жима цостар кхаьллира ас. Сан логех диссира иза, цо лазош Iовжийра со… моьттура ас кхаьллинарг довха хаьштиг ду. Цу дийнахь дуьйна хIоразза а сайна бепиг гича суна дагавогIу Вайц Алекс а, шен ши бер дIадуьгуш, Эльзас хьекхна хилла и шийла мохь а…
И шиъ дIадайра дуьненчохь ца хилча санна. Дукха хан йалале, сан дахаран некъаш а галморзах девлира. Соьх стаг хьерчира. Сан ойла йацара иза вен. Сан нанна цо боьха дош аларна, иза жопе озо гIоьртира со… тхойшиъ тассавелира… со а чевнаш йина вара, иза а вара… амма Делан кхел нисъелла иза дIавелира. Суна хан туьйхира. Цигахь, цу шийлачу набахтехь юха а хезира суна «фашист» боху дош. Иза хиллера Вайц Алекс. Iедало дарбелла зекаш бара цунна тIетуьйссуш. Ша маккхал санна тIехьаьдира со царна… хьерваьлла летара со царех, тIара ца кхетачохь буй тухуш, мира бетташ, цергаш йухкуш… йерриге а камера цIийх дIайузийра ас. Алекс хьоьжура соьга, цуьнан бIаьргашчохь ша тхуна кIен машен охьахарцийначу дийнахь санна хазахетаран цIе йара йогуш.
Цу буса со карцер чувоьллира. Цхьа кIира даьлча суна Вайц велла аьлла хезира. Ца лайначух тера ду цо даима шена тIехь латтош хилла къизалла.
Сталин боху жIаьла деллачул тIаьхьа, со кхин а дуккха а берш санна амнисти хилла, маьрша велира.
Со цIа веара, цIа аьлча а со набахте дIавигале Iаш хиллачу меттиге.
Диъ шо даьлча нохчашна цIа баха мега аьлла омра делира. И хаам суна башха боккха кхаъ бацара, хIунда аьлча со чIирхо хиларна, суна цIехьа боьду некъ бихкина бара. Закона таIзар суна динехь а, Iадатан кхелах со ваьлла вацара. Ас вийначун наха, со витталц сан йиш йацара Даймахка ког баккха. Со Казахстанехь виссира. Кхузахь кхууьш дара сан ши бер а — СаьIид а, Зарган а.
Цхьаьна дийнахь, урамновкъахь суна дуьхьал кхийтира бен доцуш корта а оллийна йоьду цхьа зуда. Иза оза, беркъе йара, амма цо корта хьалаайбича, суна бевзира Вайц Эльзин хIорд санна сийна ши бIаьрг.
Ма декъаза дара Эльзин сибат. Цуьнан бIаьргашчохь сатийсаман цхьа хьаса бацара, цу чохь сецнера, хIетахь шен ши бер дIадуьгучу хенахь йоьссина шело. Тхойшиъ къамеле делира. Цунна а со вевзира. Набахтера араяьлча, яха меттиг йоцуш йиссинера Эльза. Иза шена тIелаьцнера ша Iаш йолчу цхьаьна казашка йоккха стага. Эльзас дийцинчо Iадийнера со. Цуьнга са хаддалц шахтехь болх бойтуш хилла, доккхачу Iазапах чекхйаьлла а, ницкъ беш хилла цунна тIехь. Эльзас дийцира соьга шен кхин цкъа а бер хир дац аьлла. Цуьнан хазаллех цхьа хIума ца диссинера.
Хьуьнхахь экхана хIоттийначу гуро санна, со лазош гIайгIано лецира. Суна со бехке хетара ВайцгIеран доьзална хиллачух. ХIетахь цо и машен тIекIал йаккхар бахьана долуш ма виссира со мацалла валанза… со а сан къомера дуккха а нах а…
Суна Вайц Эльза гина ши кIира далале, сан зудчун Хедан бер даран хан тIекхечира. Тхойшиъ бен чохь стаг а вацара. Доккхах долу ши бер сан ваша волчохь дара, нана цу хьолехь хилар бахьана долуш.
Ас йоккха стаг казашка кхайкхира. И гIуллакх карадирзина йара иза. Цо реза йоцуш корта ластийча хиира суна, Хеда атта паргIат йер йоций. Со гIайгIанца арахь лаьттара, амма дукха хан йалале, буьйсанан тийналла Iадийра, дуьненчу даьллачу бера тоьхначу маьхьаро. Кор схьа а диллина йоккхачу стага элира соьга:
— Кхин цхьа къонаха тIекхийти шун къомана! Чоьхьавала.
Со чукхаьчна валале, цхьа кхин мохь белира зудчуьнга:
— Вай АллахI, АллахI! Собар делахь… кхин цхьаъ ма ву кхузахь… хIара а боьрша ву… хьо ма ирса долуш хилла, нохчо!
Iазапах паргIат даьлла, гIелделла Хедин дегI, набаро лецира. Ас йоккхачу стагана баркалла а аьлла, ахча а делла, иза дIаяхийтира, кхин дIа дерг айса дийр ду аьлла.
Иза дIайахча, ас мелачу хица ши а кIант лийча а вина, шайн ненан некха тIе виллира. Шурах вуьзначу цу шинна наб кхийтира.
Хьалхара дуьненчу ваьлларг мелла а могашаллина тоьлла а, нуьцкъала а вара. Иза довхачу йургIанна йукъа а хьарчийна йуьстах ваьккхира аса. Ткъа шолгIа виначунна ИбрахIим цIе тиллира… Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) схьаваьллачу пайхамаран ИбрахIиман сийнна. Иза шен нанна улло охьа а виллина, сиха сайна а тIе а йовха хуIма а йуьхна, айса йуьстах ваьккхина хилла кIант а эцна аравелира, сайна тIаьхьара неIарах догIа а тухуш.
Буьйса йекхна йара. Стиглахь къегина лепара седарчий. Сан марара кIант хур-хур деш самавелира. Воьдучура саца а сецна, цуьнан йуьхьтIера йургIа дIа а озош, ас кIентан лерехь Дела цхьаъ веш, ШахIадат дийшира, ткъа цул тIаьхьа ши туьте санна лепачу цуьнан бIаьргаш чу а хьожуш элира:
— Хьо Болат ву хьуна… нохчо ву хьуна… болат санна чIогIа хилалахь даима.
Меллаша, дитта кIел кIант охьа а виллина, Вайц Эльза Iаш йолчу цIенон неI туьйхира ас. Цецйаьлла зуда кхеташ йцара со хIун дахьаш веана.
— Сан къамел ду хьоьца, сиха арайлахь — дийхира ас.
Иза суна тIаьхьа арайелира. КIант кара а оьцуш, ас элира:
— ХIара кIант ву! Кхуьнан цIе Болат йу. ХIара ши кIант шала вина масех сахьт хьалха. Ас зудчуьнга хIара велла эр ду. Нагахь санна хьо реза елахь, хIара бер эций дIагIо кхузара мелла а чехка. Ахча ас лур ду хьуна. Германи дIайаха хьажа. Алекс араваларе са ма тийсса. Иза велла, суна сайна гира набахтехь.
Кху жимачу кIорнис дахаран маьIна а, керла доьзал а лур бу хьуна. Оцу кепара суна лаьа сайн къомана а тIера бехк цIанба, тхо бахьанехь шуьга и бала беана хиларна. Нагахь санна хьо реза йелахь, кхузахь ца лаьтташ чекхка чу а гIой хьайн хIуманаш гулъе, тховссехь дIагIо.
Iадийна Эльза мотт сецча санна лаьттара.
— Реза йуй хьо? — йуха а хаьтира ас?
Иза кхин йист ца хуьлуш, чуйедира, ткъа пхи минот йалале, жима тIоьрмиг а карахь арайелира. Ша Iаш йолчу йоккхачу стаге, цIийндех лаьцна хаам беана, сихонца луларчу йуьрта йаха йеза элира цо.
Эльзин кара кIант дIа а луш, ас элира:
— Амма сан цхьа дехара ду хьоьга… кхунна даима хаьа деза ша нохчо вуй… Болат нохчо… чIинхо тайпанера.
— Нохчо Болат чIинхо тайпанера — элира Эльзас, кIант шен мара а къовлуш.
Эльза цу буса дIайахара. Кхин суна сайн дахарехь ца гира Болат а, Эльза а, йа хетарехь гур а дац.
Со чувеъча Хеда а, ИбрахIим самадаьллера. Ас зудчуьнга дийцира тхан шолгIа кIант велла хилар, со буьйсанна иза казахийн кешнашка дIаволла вахана хилар а.
— Iуьйре хиллалц собар дан мегаш дацара? — хаьттира Хедас.
— Делла бер гайтина, хьан дог дохо ца лаьара суна — жоп делира ас.
ШолгIачу дийнахь ас сацам бира, цу йуьртара сайн доьзал а эцна дIаваха — со кхоьрура эладитт даржарна, хIунда аьлча Хедина бер дан гIо деш хиллачу йоккхачу стагана шен бIаьргашца гинера могуш-маьрша шолгIа кIант…».
СаьIида корта схьалецира. — Иза хилла-кх и Вайц Эльза! — ша шега элира СаьIида.
Акаев ИсмаIалан